Lorem ipsum
Class aptent taciti sociosqu ad litora
Главная » Статьи » Публикации » Поэзия

Безаман ницкъ
Ас маьрша дуьтур ду, хьо лела некъаш,
Я дагчохь хьо сецош со йоьлхур яц.
Дуьне а лаьттар ду, шен 1алам хуьйцуш,
Безамо 1овжонза дахар хир дац.

Вай вовшех къастарах, соцур яц зама,
Некъаш а лаьттар ду, уьдур ду хиш.
Юха а 1уьйренца, б1аьстена хьоза,
Декар ду лоькхуш шен самукъне йиш.

Къастаза ца яьлла, со хьоьха къаьсти,
Дуьллуш сайн мерзачу дахарах дог.
Кхолламца къийсарах, тоьлур вац цхьа а,
Азаллехь яздина ду цунна куьг.

Маржа я1, хьо безам! Ницкъ бу хьан ч1ог1а,
Делхо, я дело а, адамийн дог.
Хьол тола луучо, хьо хьеста беза,
Собарца лоруш ша мел боккху ког. 
Категория: Поэзия | Добавил: itsmeolord (12.11.2013)
Просмотров: 471 | Комментарии: 1 | Теги: Айза Резванова | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 1
1 itsmeolord  
0

Имя *:
Email *:
Код *: