Главная » Статьи » Публикации » Поэзия |
Поэма *** - Къаналла тIегIерта йоьлла… ГIийла Iара кIентан да. КIант тIекхайкха шена аьлла, Кечвелира весет дан. *** Веъна кIант а дIахIоьттира… Гатдора цо чIогIа са. Дас весет а дIадолийра, КIанта дугIуш дикка ла. *** «Массо адам дала дезар, Шеко йоццуш бакъдерг ду. Дена кIант шен дукха везар, Весет кхочуш дайта ду. *** Къа ду стеган цIе-кIур дайна, Цхьалха висча къаналлехь, Нехан кара шен дегI делла, Ойла хьийзаш паналлехь. *** Вола, кIант, хьо суна герга, Дикка догIа ахь соь ла. Хоьттуш дагIац валар керта, ДегIачуьра къастош са. *** Цхьаъ бен воцург хьо хиларна, Къахета сов суна хьох. Къаста дезаш вай хиларна, Дуьйцу ас, хьо кхета сох. *** ТIаьхьа виса хьо сан хилар, Дала дина совгIат ду. Весет кхочуш дийриг хилар, Дагахь чIогIа тешна ву. *** Сайн некъ кхин дIа лелабайта, КIант, ас хьоьга кховдабо. Дайн Iадатийн лерам байта, Хийла дас кIант кхиаво. *** Собар, собар, хIай кIант, собар! Велхарх кхиац хIумма а. Деле доьхуш хьайна собар, Диц ма делахь хIумма а! *** | |
Просмотров: 373 | |
Всего комментариев: 0 | |